25-гIа апрель - Нохчийн меттан де

25.04.2022

Лараме махкахой!

        Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

        Вайна ма – хаара,  2007 шеран 11 майхь Нохчийн Республикан Президента Кадыров  Рамзана  Ахматовича  Указ даьккхина, 25-г1а апрель Нохчийн меттан де ду аьлла,  билгалдоккхуш. Х1ора  нохчо,  нагахь  санна  шен халкъ а, Даймохк а безаш велахь, шен ненан мотт 1амош а, хууш а хила веза.

«Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац» - олуш ду вайнехан. Шен мотт ца хуу стаг даима а йуьхь1аьржа хир ву шен къомана а,  кхечу къаьмнашна а хьалха. Х1унда аьлча, цунна йевзар йац къоман синан к1оргалла, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Цунна хуур дац цо ма-бохху ойлайан, цо ма-хьеххара ваха а. Иза херволу шен къоман г1иллакхех, оьздангаллех, ламастех. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, йахь ца хилар, ледара хилар ду, дакъаза валар ду. Тахана нохчийн къоман Куьйгалхочо Рамзан Ахматовича массо а аг1ор вайн беш аьтто бу, ненан мотт бийца а, т1екхуьучу берашна и 1амо а. Вайга вайн дайша, наноша, сирла хьоста санна, ларбеш, схьакховдийна вайн ненан мотт, вай декхарийлахь ду, аьлла хета тхуна т1екхуьучу чкъурана иштта ц1ена и д1акховдо. Иштта бен таро хир йац вайн т1екхуьучу чкъуран ненан матте марзо, ларам кхио. Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а йац!

        Лараме махкахой!

        Оцу беркатечу г1уллакхана т1ехь вайн массери Дала аьтто бойла, могушалла а, токхо а хуьлийла х1ора х1усамехь!

 

Источник: public_news